1илма — иза бусалба нехан тIаьхье йац. Iилма дуьненан дахаран нур ду. Iилманца бен ца бало кхиамаш. Далла Iамал а ца йало Iилманца бен. Эхартахь йалсаман йаккха а, дуьненахь нийса ваха а Iилма оьшу.