Набарна тоам хилла, севсина, стамбелла, чомехь ц1ен бос эцна бара юрт кхачалучуьра ломана т1ехьара схьагучубала г1ерташ болу 1уьйренан малх. Т1ехула дуткъа шах чкъор лацаделла селхана дашадоладелла шура санна к1айн лепаш долу ло б1аьрг 1ехабеш къегахь а, 1уьйре шелъеш, хебаеш, эгаеш дара. Оцу шелонах а чукхоссаялан кечъелча санна гульеллачу мокхаза мархех а къехкаш-м бац техьа иза малх гучубаьлла ца болуш, – аьлла хетара, малхана сихцабаларе хьажича.
Лаьмнашна кога бухахь 1уьллуш санна, хьаннех доьттина долу баьрзнаш, деккъаш дуьйлалучохь хебина йуьллучу керла йиллина нохчийн юьртахь маь1-маь11ехь екара борг1алаш. Ца даьлла шайн декхар кхочушдан г1ертара ж1аьлеш а, тайп-тайпана «г1алх-г1илх» хезира, г1ийала пешийн туьнталгахула к1ура хьалаоьхучу ц1енойн керташкахь.
Юрт д1атарьеллера жима делахь а маса хьаьдда дог1учу хина аьтто аг1ора гунехьа хьалахьаьддачу бердана т1ехь. К1айн кирийца «лап!» аьлла серладаьхна лохуочу ц1енойн пенаша б1аьрге садо1ийтуш самукъадоккхура. Кест-кестта кхайкхаза кхочуш болчу «хьешашца» т1амаш дан 1еминчу нохчаша кхин башха т1аьхьалона олий ца йора г1ишлош. Амма зударша кирийца хаза къагайой куц-кепе даладора ц1ено. Ц1енош шадеригаш а цхьатерра хьулделлера йа латта тесина, я шачча, эрз тиллина тхевнашна бухахь. Амма юьртана чувоьлчий бен ца къаьсташ делахь а мелла а кхечарел айделла дара юьртана лакха йистехь цхьа ц1ено. Массеран а керташ б1аьлланган серех юьйцина йина яра. Кевнаш а дара массера а шолха сараг а буцуш хаздинчу з1аранех лаьтташ. Амма кхечарах къаьсташ долу ц1ено кевнаца а дара шен чомехь дина. Ков-керт а нисдеш шардинчу аннех вовшахатоьхна дара.
Малх г1аьттина, айбелла серлонан з1аьнарш 1аламна кхийдон баьлча, аннех дина лохуо ков «з-за-къ!» аьлла ц1евзаш д1асаделладелира. Кевна ши дакъа мохе ца кхарстийта уьш ч1аг1деш царна дуьхьала цхьацца горга т1улг а биллина хьалатаь1ира лекхуочу дег1ахь волу кхузткъа сов шо хира долуш цхьа воккха стаг. Къежалло к1айн йина юьхь шаериг бохург санна хьулъеш т1еозийна 1аьржа суркуй цхьана балано совсийна корта къовлуш тиллина хетара.
Суркуйнал совнаха г1овтал а, лепачу дарех йина коч а 1аьржачу басахь яра. Детица кхелина шаьлтий, ц1еххьана оьг1азло еш санна къарзийна юха д1абайина ши б1аьрг, къежа маж бен сирла х1ума дацара воккхачу стагана йуьхт1ехь. Техьахьаьжича шен хенал жима хеташ велахь а, г1айг1ано та1ийначу коьрто, хьовзийначу букъой волчулла а къена хоьтийтура иза. Г1айг1ане хилича а бехк а бацара воккхачу стеган – малх г1оттуш доьллаш долу ков цхьана бахьанен бен деллан оьшуш дацара. И бахьана дара – тезет!
Тахана кхоалг1а 1уьйре яра воккхачу стага Т1елхигас х1ара ков схьадоьллу т1улгех г1ортангаш а еш. Соцунг1а а хилла ойлане хьаьжира Т1елхаг хаза нисдеш аннех дина кевне, т1аккха кет1ахула а кертах а шорделла, стамделла ирахдаханчу таьллашка, кхор-1еже, доккхачу комарийн дитте. Цхьаъ бен воцу к1ант Адам когбаккха волалуш Т1елхагас доьг1на дара оцу диттий синтараш. Адамица цхьана айлуш, стамлуш схьадаьхкинера дитташ а.
Бера-кера х1ума ца хуьлуш дикка хан текхнера Т1елхагас шен х1усамненаца Бикатуца. Амма Делан къинхетам хьалха а баьлла к1ант Адам хилира кхеран х1усамехь. Куьйг сацор х1ун ду ца хууш къахьоьгура хан т1ехиккхина волчу Т1елхигас. Юьртахь цхьаннийн а доцучу кепара доккха ц1ено а, юххехула т1ехбовлучу наха «эхх1ай, ма хаза ду-кх!» – олуш аннех дина ков-керт а д1ах1оттийра цо. Адам а вара ч1ог1а куц-кеп долуш, безамехьа кхиина жима стаг. Шен дена а т1ехула хьоьжуш зоьртала дег1е ваьллера к1ант. Т1елхигас цхьана х1уманах кхоьруш санна сихвелла Адамна нускал далош, ерриген а юрт екош, самукъане ловзар х1оьттинера х1окху, х1инца сингаттамен байлахь йисина лаьттачу кертахь. Ма йоккха, еза ю-кх хьо Делан къайле! Нускал далийна ах шо а далале ден а бахьана доцуш шина-кхаа дийнахь цомгуш а 1иллина кхелхира ден цхьаъ бен воцу жима стаг Адам. Жима зуда Зараъ 1адийча санна йисинера, х1инц-х1инца бераха кхетта язъелла яра иза. Нана Бикату-м ц1еххьана къанъелла тишъелла д1аяьллера. Нахаца леладан дезаш долу г1иллакх бахьана лелара нус а, нана а т1аьххьара ницкъа гулбина 1индаг1аш санна.
«Эш-шша-х1!» – аьлла шен дукъделла са парг1ата доккхуш халла къурд а бина кертахьа д1аволавелира Т1елхаг.
Нахачулла а жимма айдеш шуьйра динчу раг1у к1елахь могг1ара лаьтташ деха дийнна аннех дина г1анташ дара, царнна т1етесина кузаш а, палсаш а дара. Тезетана сингаттамен дог 1овжош бина кечам бара иза.