Сайд1али. (дийцар)
– Ва, баба, ма даккхий б1ог1амаш деъна вайна, тарахтор йоьттина! Хьажахь, араялахь! – чуиккхира диъ-пхиъ шо хир долуш волу жима к1ант Сайд1али.
Лохачу паднара т1ехь урчакх хьийзош къежбина, мархийн тачанаш санна к1айн, шена уллохь хьалабоьттина т1арг1а хьовзош 1аш яра Сайд1алин ненан нана Реб1ат. Куьзганашна кагъбеллачу цхьана т1омана метта бихкинчу бедаршна тосучу к1айн пханан юткъачу асано коьрта тиллинчу къорзачу йовлакхна гуо баьккхинера йоккхачу стеган. Иштта ч1ог1а пхаца шен коьрта т1ехь д1анисдина куьзганаш схьадохийла а дацара, цундела Реби1ат стоммачу куьзганийн аьнлешна чухула шен юьхьт1ера ойла ца хуьйцуш хьаьжира жимчу к1анте. Сайд1алин-м собар ца тоьура горгачу аьнглешна чухула даккхий гуш долчу Бабин синпарг1атчу б1аьргашка хьежа. Сиха когашна т1ера лоха «казахийн» олуш йолу калош оьхьакхиссина лаьтта диллинчу къорза-мокхачу истангана т1ехула хьаьдда Бабин уллохь гулбина т1арг1а мохаца ойбуш паднарна т1екхоссавелира к1ант. Керла дина делахь а ц1ерадаьхначу хенахь Казахийн къизачу шелонийн аренгахь санна таханенна аьлла дича санна дуьйцина дина лоха жима ц1а дара кхеран. Тхевна т1етоьхна 1аьржа кехат дара, шатухуш дог1а деъча а, лула-куларчу бераша т1улг кхоьссича а 1аьржа 1уьрг а дуьсуш т1ехь. Жимма паднарал лекха долчу жимчу корах аравог1авелла шен жима хьажориг п1елг хьежабора Сайд1алис некъехьа:
– Баба, ва, баба! Хьажахьа мел дукха б1ог1амаш! Мел нийса а ду уьш! Вайшиъ йоккхачу хьуьнха дахача, цигахь-м дацара иштта нийса цхьа дитт а! Хьажахьа, ва, баба!
– Вайна б1ог1амаш дан стаг а ма вац. Вайн шавериг а боьрша стаг Казахстанехь мацалло, шелоно, цамгарша д1а ма эцна. Жимаха волу Шамсудди мукъна а дийна висинехьара. Хьо цхьаъ ву-кх х1окху ц1ийна т1ехь къонахех висинарг, – шен ойланаш йора Реб1ата, ц1еххьана йолчул а къанъеллачу юьхьт1ера лозам д1акъахкон г1ерташ санна.
– Дера ду-кх вайн кет1ахь охьадассош дукха б1ог1амаш, – шен ненан нана ца тешар новкъадаьллера к1антана, б1аьрхи хьаддал ч1ог1а.
Йоь1ан к1ант холчах1оттар хааделлачу Реб1ата эххар а юьстаха йиллира шен карара урчакх, кхин цкъа ехха хьовза а йина.
– Х1ун б1ог1амаш дуьйцу техьа хьо к1анта? – олуш готтачу коре дерзийра йоккхачу стага шен мерат1ехь дог1аделла дохку стаммий б1аьргаш долу куьзганаш. Амма Реб1атна-м ца гора голашна т1е а х1оьттина кора б1аьргашна т1е б1аьрг а биллина цхьана инзарен х1умане санна арахьоьжуш волчу жимчу к1антана гуш дерг. К1антаца цхьана готтачу коре-м тарлучохь а дацара баба, цундела:
– Вало, арадолу вайшиъ, охьахиъна 1ийна когаш лацабелла сан а, – олуш голашна т1е куьйгаш г1ортош хьалаайъелира Реб1ат.
К1ант-м гуттар а хазахета ша воллучохь буьхьиг санна ирх кхоссалуш, ловзаволуш хьалаиккхира. Сиха паднарна т1ера чуиккхина ц1е санна сиха т1екхийтира и шен кегийрачу берийн калошна. Дукха сихваларна шина калошна цхьана когаш чуг1ортийна когауьйзира цо.
– Ялол хьо! Суна т1аьхьах1оттал хьо! Ас гойтур ду хьуна ас хьо 1еха ца йойла! Хьо-м сох теша йоллуш а ма яций! – бабина хьалха чура араитилира к1ант.
1уьйре т1ехъиккхинчу хенан аьхкенан бовхачу малхо нийсса не1арна дуьхьала боьрзуш эсала хьаьстира жима к1ант а, цунна т1ехьа араяьлла баба а, цуьнан буткъочу марана т1ехь 1охку кьуьзганийн б1аьргашна чохь ловза а болуш. Жимчу к1анта-м кхин тергал а ца бира къежина г1адбахна малх. И сихонца д1ахьаьдира лохачу ц1енон уьйченна доьг1начу дуккха а кегийра куьзганб1аьргаш долчу шина корана хьалха ц1енна дохала кет1арчу ринжина т1екхаччалц боьхкинчу жаг1ийн готтачу г1ашлойн некъана асийна т1ехула. Юьйцина йинчу кертана юккъехь кевна х1оттийначу деххачу з1арийна уллохь тишачу аннийн юьхигех динчу ринжех ара а хьаьдда кет1ахь сецира Сайд1али, баба сихха шена т1аьхьа едда схьа ца ярна цецволуш вуха а воьрзуш.
Бабас-м маьлхан сий дира, шен хебаршка яхна юьхь йовхачу з1аьнаршка кховдийна йох а йойтуш. Жимма соцунг1а хуьлуш иштта лаьттина йолаелира и шен хене хьаьжича дукха каден кет1ахь шен йоь1ан к1ант собар кхачийна шега хьоьжуш лаьттачу метте.
Кет1ахь-м дан а дара нийсса х1окхеран кевна хьалххахь тарахтарна т1аьхьатесинчу ехачу аьчган салазан т1ера охьадассош стаммийн, дукха нийса а, деха б1ог1амий. Б1ог1амий-м чкъурах ц1андина, шардина, т1ехула т1е онда мазот а хьаькхина ч1ог1а хаза кечдина дара.
– Хьажал хьо! Гой хьуна? Хьо ца тешар, ас вайна б1ог1амий деъна аьлча а! – везавийра к1ант, х1инца-м улло еъна охьадассочу б1ог1амашка хьоьжуш лаьттачу шен ненан нанна.
– Ой, уьш-м вайна деъна даций. Ма хьекха мохь, нахана а хозийтуш, – к1ант кхетон г1оьртира баба, шен мерана т1ера куьзганаш схьаэцна шен къорзачу зезагех юьззина йолчу шуьйрачу кучан кисана а духкуш.
– Т1аккха, вайна деъна дацахь, уьш вайн кет1ахь х1унда дассош ду цара охьа! – халахетарца хьаьрчинера жимчу к1ентан юьхьанца хилла хазахетар.
– Уьш пачхьалкхан б1ог1амий ду. Цхьана х1умана дассош ду уьш кхузахь. Цхьаъ ян доллу кхузахь 1едал, – кхетон г1ертара баба жима к1ант.
Амма Сайд1али-м х1инца гуттар а карзахваьллера. Карзаха муха ца волу, гуш лаьтташехь, х1окхунна шайна деъна моттаделла б1ог1амаш х1окхунна мила-х1ун ду а ца хууш долчу цхьана 1едало шена дассош хилча кхеран кет1ахь. К1анта-м тоххарехь шен ойланашкахь ша оцу б1ог1амех ден долу г1уллакхаш а лоьруш дара. Шегара шен б1ог1амий оцу 1едало д1адаьхча санна новкъадаьллера жимчу к1антана х1инца. «Эх1, и тарахтор санна воккха а, ницкъа болуш а велар-кха со! Ас гойтур дара хьуна т1аккха-м оцу 1едал бохучунна, сан кет1ара б1ог1амий хьедан мегар доций!» – ойла хьаьвзира к1ентан жимчу коьрте.
– Де дика хуьлда хьан, Реб1ат! Ас, хьо гергарло долуш хиларна, х1окху шун к1ет1ахь дассадойту х1ара б1ог1амаш, – бабиний, к1антаний улло г1оьртира белхалойн духар дуьйхина шуьйрачу дег1ехь волу х1инцца жималла д1аиккхина волу цхьа стаг.
– Ой, Ахьмад, хьо ву и? Диканца дукхавехийла хьо а. Х1умма а дацара и-м. Бехкен х1ума дац. 1едалан некъ ма бу х1ара. Ткъа хьо 1едалан стаг ву. Б1ог1амаш охьадассийна ваьлча чувола, хьайн накъостий а балош. Ас х1инцца кхехкон чай т1ех1оттор ду, кхалла х1ума а кечйийр ю, – г1иллакхе елира Реб1ат.